(Go: >> BACK << -|- >> HOME <<)

Чулацаман тӀегӀо

Абу Бакр ас-Сиддикъ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу Бакр
أَبُو بَكْر الصديق
Говзалла политик, поэт, совдегар
Вина терахь 573({{padleft:573|4|0}})
Вина меттиг Макка
Кхелхина терахь 634 шеран 23 август({{padleft:634|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})
Кхелхина меттиг Мадинат, Хьиджаз
ДӀавоьллина меттиг Мадинат
Пачхьалкх
Къам, некъе Ӏаьрбо
Да Абу Къухьафат Ӏусман
Нана Сальма бинт Сахр
Зуда Къутайлат, Умм-Руман
Бераш Ӏабдурахьман, ӀабдуллахӀ, Мухьаммад, Асмаъ, Ӏаишат, Умм-Кульсум
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш

Ас-Сидди́къ Абу́ Бакр Ӏабдулла́хӀ ибн Ӏусма́н аль-Къурайши, гӀараваьлла Абу́ Бакр ас-Сидди́къ (Ӏаьр. أبو بكر الصديق‎‎; 573(0573), Макка, Ӏаьрбийчоь634 шеран 23 августехь, Мадинат, Бакъ халифат) — хьалхара бакъ халиф, асхьаб а, Мухьаммад пайхамаран стун дайх цхьаъ. Мухьаммад пайхамаран доттагӀ, цуо хьаж деш иза ларвина, цуьнца цхьаьна тӀом бина. Иза кхелхинчул тӀаьхьа хаьржина халиф. Халифатан а, исламан дуьнен а дозанаш шордаран политика лелийна. ТӀом бина деланийле юхаберза гӀертачу Ӏаьрбашца, ткъа иштта Византица, СасанийгӀеран пачхьалкхаца. Кхелхина шина шарахь урхалла а дина.

Маккара дахар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Абу Бакр ас-Сиддикъ вина 572 шарахь Маккахь Ӏусманан (алсама вевза Абу Кухафа аьлчи) а, Сальман (алсама евза Умм аль-Хайр аьлчи) а доьзалехь. Исламе вале иза хилла Маккара хьал долчех цхьа совдегархо. Гулбина шен дукха бахам йохк-иэцарца; суьдхо хилла, Маккахь чӀогӀа лераме стаг хилла, бух тӀиера дуьйна шен тайпанан истории хаарца а, говза гӀан тидарца а.

Исламе вар

Абу Бакр ас-Сиддикъ Мухьаммадан доттагӀ хилла, лору кхоалгӀа иман диллина боьршачех, Ӏали ибн Абу ТӀалиб а, Зайд бин Хьарисат а дӀабевлчи. Нагахь Мухаммадан зуда Хадижат бинт Хувайлид лаьрчи, тӀаккха Абу Бакр лору ислам тӀеиэцна веалгӀа стаг.Ламасталлин Ӏаьрбийн историографис боькъу нах, «Мухьаммад аль-Аркаман хӀусаме вале» ислам тӀеэцнарш (верриг 24 стаг) а, «аль-Аркаман хӀусаме веанчул тӀаьхьа» иэцнарш а — Абу Бакр хьалхарчу тобанера ву, Мухьаммадан тӀаьхьабозучеран уггаре гергара гуонах. Имане веанчул тӀаьхьа Абу Бакра хийцина шен делаллийн цӀе ӀабдуллахӀ цӀарца («Делан лай»). Шен кӀеда а, эсала а амал бахьнехь цуо дине балийра иштта ладаме асхьабаш, Ӏусман ибн Ӏаффан, Тальха ибн Ӏубайдулла, Зубайр бин аль-Ӏаввам, СаӀад бин Абу Ваккъас, Ӏабдуррахьман бин Ӏавф, Ӏусман ибн Мазун, кхин а. Ша юкъараллин уггаре бехачу нахах хиларе терра, цуо массо кепара финансийн аьтту бора бусулба-лайш оьцуш мукъа бохуш. Ӏаьрбийн историкаша чӀогӀа лорура иштта гайтамаш.

Хиджра

Мадината кхелхачу хенахь Абу Бакра лечкъийра Мухьаммад пайхамар тӀаьхьабевллачарех, новкъахо хилира цуьнан. Иштта, уьш къайлабийлира тӀехьабевллачарех Маккан йисттерачу хьех чохь[1]. ТӀаьхьуо историкаша — дукхаха дерг шиӀийша — и роль елира Ӏалин, амма иштта хиламаш тидар бакъ дац.

Мадинатера дахар[бӀаьра нисйан | нисйан]

624 шарахь Абу Бакра елира шен йоӀ Ӏайша Мухьаммад пайхамаре маре, иштта кхин а герга вахара иза цунна. Ловзар дийцина дара маккан муьрехь; Мадинатехь никах дира. Ӏайшин дагалецамашца, цхьан а даздарш ца хилира[2].

Абу Бакра дакъа лецира Мухьаммад пайхамаран массо а тӀамехь, Табукера тӀамехь байракх лелориг вара иза. Абу Бакр ас-Сиддикъ ша куьйгалла ца дина цхьанне а ладаме политикан я тӀеман акцехь — 631 ш. дина хьаьж а, Пайхамаран тӀаьххьарчу деношкахь, иза минбар тӀехь латта ца лучу хенахь, Маккахь дина ламазаш а ца лаьрчи. Мухьаммад кхелхинчул тӀаьхьа, ткъа Ӏаьрбийн цхьаьна декъана ца лаара цунах теша, Абу Бакра сацийра маьждиг чуьра дов, шайн къоме вистхилла ишттачу дешнашца: «ХӀай нах! Мухьаммадан Ӏибадат деш берш, [хаалаш], иза кхелхина. АллахӀан Ӏибадат дийриш — [хаалаш], Иза даиман ву шуна, лийр вац шуна. Ткъа Мухьаммад — элчий бен вац, цул хьалха а хилла элчанаш. Юхадевр ду теша шу? Юхавирзинчо, зулам дийр дац АллахӀан, ткъа оьздачарна — АллахӀа ял лур ю».

Халифат[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бакъ халифаш болуш исламо даьхна мехкаш. I — Мухьаммад кхелхинчу хенахь хилла исламан мохк; II — Абу Бакр волуш даьхнарш; III — Ӏумара даьхнарш; IV — Ӏусмана даьхнарш

Халиф харжар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Мухьаммад пайхамар кхелхинчул тӀаьхьа, 632 шарахь, хаттар хӀоьттира керлачу бусалбанийн юкъараллин коьртах. Бану СаӀидан тайпан куьпахь четар кӀелахь гулбеллачу ансараша хаьржира СаӀд ибн Ӏубада, амма цига Ӏумар бин аль-ХаттӀаб, Абу Ӏубайда, Абу Бакр баьхкича, халиф хаьржира тӀаьххьарниг[3]. Ансараш къовсам латтийра и болх чекхбаллалц — мухажирех а, ансарех а ши халиф харжа аьлла меттиг а бара. Юкъараллин кхин декъашхой къовса а ца гӀоьртира керла корта харжа шайн йолу бакъо — царна дага а ца деира ишттаниг. Иштта, билгалчу дуьхьалонехь, лакхара Ӏедалан къовсамехь, принципан хаттаран жоп карийра — цхьаьна карахь хир дуй тӀеман а, синмехаллин а Ӏедал.

ШиӀийшна хетарехь, Абу Бакра нуьцкъала дӀалаьцна Ӏали ибн Абу ТӀалибан хила деза Ӏедал. Цхьацца хьосташца, Ӏали а, кхин хашимийш а ялх баттахь байӀат ца дира Абу Бакрана, иза тӀаьхьа шиӀийш кхоьллина долчух тера ду[1]. Пайхамар дӀаволуш уллехь дукха ца хиллачарех цхьаъ хилла волу, цуьнан уггара уллера волу Абу Бакра, шена лиънийхьара Мухьаммадан весет хуьйцур дара — амма цуо иза ца дира. Ишттачу бахьнийца цуо кхайкхор дара ша пайхӀамаран некъ дӀакхоьхьург ву аьлла — шиӀийш Ӏелин а, хьасанан ма-дарра — амма цуо иза а ца дира. Абу Бакра даиман а чӀагӀдора, ша Мухьаммадан луург динариг ву олий. И статус билгалйоккхуш цуо тӀеийцира цуьнца догӀу дарж — «АллахӀан элчан гӀовс» (халифа рассули-л-Лях), доцца аьлчи халиф.

Дин дитанчаьрца тӀемаш бина меттигийн карта

Дин дитинчаьрца хилла тӀемаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Мухьаммад пайхамар кхелхинчул тӀаьхьа хьалха исламе далийна долу дукхаха долу тайпанаш, дитира дин, уьш юхаберзо бийзира хаьржинчу халифан[1]. Ӏаьрбийн ахгӀайрен тӀехь гӀовттамаш доллушехь, Абу Бакра омар делира Ӏусама ибн Зейдега Византин дуьхьала дагӀа кечам бен аьлла, 632 шеран 26 июнехь Ӏусаман эскар араделира халифатан къилбаседан дозанехьа новкъа. Ӏусамин тоба тӀаме ягӀча Ӏумаре буьззина тӀом ца балора; иза хан ийзо волавелира, тайпанин векалш тӀе а оьцуш, шен векалш царна дӀа а оьхуьйтуш. Цуьнга хьаьжина ца Ӏаш, Ӏусаман эскар новкъадаьллачул тӀаьхьа кхо де даьлчи Мединатан тӀелетира динах хаьдда тобанаш. Уьш юхатуьйхира, тӀаккха дог айаделира бусалбачеран. Ши бутт сов баьлчи толамца, шортта хӀонцӀ яхьаш юхадирзира Ӏусаман эскар, ткъа Абу Бакра, шен меттана Мединатехь Ӏусама витина, тӀом бан вахара динах хаьддачаьрца. Уьш иэшийна Рамзан гергахь иза юхавирзира Мединате[4].

Ша Мединате юхавирзинчул тӀаьхьа Абу Бакра дийкъира садаьӀна Ӏусаман эскар 11 тӀеман тобанна, церан бӀаьччаш хилира: Халид ибн аль-Валид, Ӏикрима ибн Абу ДжахӀль, Шурахбил ибн Хьасан, Мухаджир ибн Абу Ӏумейя, Ӏамр ибн аль-Ӏас, Халид ибн аль-Валид ибн аль-Ӏас, Хузайфе ибн Мухьсину, Арфаджа ибн Харсама, ТӀарифа ибн Харджиз, Сувейд ибн Мукаррин, Аль-Ӏала ибн аль-Хадрами[4].

Ша Абу Бакр вагӀара аль-Абрака агӀора, иэшийра тайпанаш Ӏабс а, зубьян а, кхин дӀавагӀара Бузаха олучу меттиге, цигахь вара харц пахамар ТӀулайха. Оццу хенахь Халид ибн аль-Валид тӀом ца беш къардира Тай тайп, кхин дӀавагӀара Бузаха агӀора. Бузахехь цуо, иэшамаш хуьлуш, хӀаллак дира фазара тайп. Цул тӀаьхьа Халид ибн аль-Валида, исламе далийра асадийн, амирийн, гатафанхойн тайпанаш, халифан омарца Битах агӀора Бану Ярбун дуьхьала вагӀара[4].

Икрима ибн Абу Джахль Ямаме вахара, цул тӀаьхьа вахавезара Омане, Хузайф ибн Мухсинан а, Арфаджи ибн Харсаман а ницкъашца цхьаьнакхета. Цул тӀаьхьа уьш Мухаджир ибн Абу Умаййан эскарех кхета безара, ткъа иза Яманера операци чекхъяьккхина тӀеван везара Хадрамаут агӀора. Икрима ийшира харц пайхамар Мусайлима схьаваьллачу Бану Хьанифа тайпанал. Икриман тӀаьхьавогӀу Шурахбил ибн Хьасан сацам бира чӀагӀо тӀеяллалц собар дан, амма цхьа хан яьлчи Ямаме кхаьчначу Халид ибн аль-Валидан хиира, Шурахбил ибн Хьасан, чӀагӀо тӀекхаччалц са а ца тохаделла, тӀе а летта, ийшира. Мусайлима, шен ницкъаш гулбина, тӀелетира бусалбачарна Акърабан а, Джубайлан а агӀора, амма бусалбачара контр тӀелатар дина, иэшийра мостагӀа. Ша Мусайлима вада аьтту ца баьлла, схьа а лаьцна, вийра[4].

Бусалбачарна халонаш гира Оманехь. Лакита аль-Яздис гатдина коьртехь Джафар а, Убада а волу бусалба эскар, лаьмнашка а, хӀордан бердашка юхадала дийзира. Абу Бакра Омане хьажийра Хузайфа ибн Мухьсина, Афраджа ибн Харсама, Икрим ибн Абу Джахль. Бусалбанаш дуьхьала кхийтира Лакитан Дабехь, шен хенахь чӀагӀо тӀе ца кхаьчнийхьара уьш хӀаллакбина хир бара. ТӀаьххьара бусалбачеран аьтту белира иэшо динах хаьддарш, шортта хӀонц яьккхира[4].

Ямане хьажийра ТӀахир ибн Абу Хьала, Мухаджир ибн Абу Умайя, Халид ибн Усаййид. ГӀаьттинчу Ӏук а, Ӏашар а тайпанашна дуьхьала вахийтира ТӀахӀир ибн Абу Хьала. Цуьнан аьтту белира толам баккха, цул тӀаьхьа Абу Бакра иза хьажийра Санан бусалбачарна гӀоьнна. Мухаджир ибн Абу Умайя Икриман тобанца терго хӀоттийра Хадрамаутан[4].

Бахьрайнехь дара шиъ ницкъ болу тайп — Ӏабдулкъайс, Бану Бакр. Ӏабдулкъайс тайп исламан тешаме дисира, ткъа Бану Бакр динах хедира. Бахьрайне хьажийна куьйгаллехь Ӏала ибн аль-Хадрами а, Джаруда а волу тобанаш динах хаьддачарна дуьхьа тӀом бина, хӀаллак бира уьш[4].

Динах хаьддачаьрга къамел ца дойтуш, Абу Бакра шеран дохаллехь динан чудалийра дӀахаьдда Ӏаьрбийн тайпана[1].

Византийн империца а, Сасанидийн пачхьалкхаца тӀом[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ислам тӀе ца эцна Ӏаьрбийн тайпанашна тӀиера Шема а, Ӏиракъ а схьаяккхаран билгалъдаьлла дехьавалар дац[1]. И дехьавалар ша-шах нисделла, Дина хьоле хьаьжжина. Я Мухьаммада , я Абу Бакра а хьехош дацара ислам даржор, и даржаран дозанех а. Шира бусалба ламаст ца гӀерта, Мухьаммадан дуьне даккхар бага дилла, ца дуьллу цуо иза Абу Бакран бага а. Иза бахьнехь, шира историкаш балош болу Пайхамаран ислам тӀеэца боху кхайкхамаш византийн (ромейн) императоран а, иранан шахиншахан а бакъ ца хета.

Кхечу пачхьалкхашна тӀелатале Халифат яра семса вовшахтоьхна тайпанех лаьтташ, вовшахтесна лаьттара сардалийн тешамца. Халифан цӀенна муьтӀахь болу ницкъ бара 3-4 эзар мухажир а, ансар а, уггаре тешамечу тайпанийн 2-3 эзар тӀемло. Халифатан дацара гуттаренна долу эскар, иза кхаба цхьаьнаэшшара рицкъан хьост а. Эскар кхобу рицкъ — сагӀа — оцу хенахь лора даьхнашца, кхочура 50-70 эз. кота эмкале, 100 эз. корта уьстагӀий а, гезарий а, 300—400 эз. динар ахча а. Кхин тӀе, йисташкахула долу даьхнийн дакъанца гӀо дора меттигерчу бусалбачарна, лело йиш яцара тӀом бан таро йолчу эскарна гӀоьнна. ТӀаьххьара, дагалецамашка хьаьжчи, тӀаме боьлхучара шайна юкъахь башхалла а ца хетара.

Лакхахь мел дийцинчун чот йича, уггаре гергара версица Абу Бакр Византийн (Руман) импери а, Сасанидийн пачхьалкх а схьаяккха ца гӀертара, ткъа Ӏаьрбийн тайпанашна юкъахь а, оцу шина пачхьалкхехь а ислам даржо. Гуш ду, уггаре морса юкъаметтиг бусалбачара лелош ца хилар гӀажарашца я румхошца, амма имане бахка реза боцучу Ӏаьрбашца морса хилла. ТӀаьхьуо тӀеман амалаш хийцаелла — хӀунда аьлча коьртаниг, ший а йоккха пачхьалкх чӀогӀа гӀелйина яра тӀамо.

Ат-Табарис дийцарехь, Мазарера а, ал-Валаджера а, Уллайсера а тӀемаш хилла сафарехь хьиджран 12 шеран я 17.04. а, 15.05. 633 ш. юкъахь хилла; оцу тӀамехь машаран барт бира Бехкубадца. Хиран гуонахьара тӀемаш а, барт бар а, хетарехь, хилла оццу шарахь майхь-июнехь. Сентябрехь къардира Ӏаьрбийн тайпанаш калб, тамим, танух, церан центр яра Думал ал-Джандал. Хьиджран 12 шарахь (9.11-8.12 633 ш.) къардира тагӀлибитийн тайпанаш. Цул тӀаьхьа ала мегар ду Ӏаьрбийн юкъара пачхьалкх кхоллаелла, шина империн дуьхьала тӀом болалуш.

Бусалбачарна хууш дара византийн а, гӀажарийн а эскаран лакхарчу тӀеман говзаллех дерг, цундела 644 шо доладалале церан гуттаренна а долу эскарца тӀеме ца бовлура, царна кӀелара Ӏаьрбийн тайпанашца тӀемаш бен ца беш. Ал-Базурис дийцарехь, эскар кхоьллира 13 шеран мухьаррам бутт чекхбаллалц (7.03-5.04 644 шераш), ткъа тӀемаш бан доладелира 1 сафарехь (06.04). Тайпанийн хьалхарниш чӀогӀа шайн лаамехь хиларна, уьш вовшаш аьлларг дийр ца хиларна, Абу Бакра эскар дийкъира кхаа декъе, церан коьртехь бара Язид ибн Абу Суфьян, Шурахбиль ибн Хьасан, Абу Ӏубайда ибн аль-ДжаррахӀ. Халид б. ал-Валид шен эскарца оцу хенахь ша тӀом беш вара Мессопотамехь. Эскарш дӀахьажош, Абу Бакра хьехам бира боху бӀаьччашна, мостагӀчун махкахь муха лела деза аьлла: «МостагӀана дуьхьала нисделчи, АллахӀа шайна толам лахь, оьгӀазло ма йие, мостагӀчун дакъа эрча ма даккха, ма хила тешанбехке, осала. Ма дайа бераш, баккхий нах, зударий. Ма дагаде хӀурман дитташ, ма даха царна тӀиера чкъоьрнаш, дитташ ма хедаде, шайна юучунна бен ма дайа даьхний. Шу уллехула девр ду килсана чохь долчу адамашна, цара бохур ду, шеш АллахӀан гӀуллакх деш ду — бита уьш паргӀата, шеш Ӏибадат дечунан карахь. Кхин а бу, шайн коьртан хьенаш мошан бен хиллалц чухула шайтӀано охкуш берш. Оцу метте тоха царна, исламе бахкийта я шайн куьйга сийсазаллийца [джизъя] такхийта»[2].

Валар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ярмукера тӀемал хьалха Абу Бакр чӀогӀа цамаогаш хилира, валар герга хеташ, вистхилира гергарчу сахьабашка керла халиф харжа аьлла. Сахьабаша цхьан стаг а ца кховдош, Абу Бакрега айхьа хьайн гӀоле хетарг хӀоттаве элира. ТӀаккха Абу Бакра Ӏумар ибн аль-ХаттӀабан кандидатура кховдийра йийцаре, дукхаха болчара иза къобал вира. Керла халиф харжар кхайкхийра халкъе, халкъо и харжам къобал бира. Халиф Абу Бакр кхелхира 634 шеран 23 августехь — вехира, Мухьаммад пайхамар санна, 63 шарахь, иза Ӏаьрбийн классикан историкаш билгалдоккху беркате сийдолуш хиларна делла совгӀат ду олий. Абу Бакра дитина весетаца, шен долара Мединатана уллера лаьттан декъах 1/5 дакъа а, долара берриг бахам а, ахча а дӀаделира пачхьалкхана сагӀа дина[4]. Абу Бакр дӀавоьллира Ӏайшатан чохь Мухьаммад пайхамаран уллехь.

Амал[бӀаьра нисйан | нисйан]

Абу Бакр къеда стаг хилла, дарж дезаш ца хилла. Классикан Ӏаьрбийн историографица а, Ӏайшатан дагалецамашца а, цуо лелийна эсала дахар; цуьнан берриг бахам Мединатан уллера латтан дакъха а, кӀеззига алапа а хилла.

Абу Бакр гуттаренна а олуш хилла, ша Мухьаммад пайхамаран весеташ кхочушдийриг ву, цхьан а керланиг юкъа цат уху ша олий[1].

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ссылки[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 3 4 5 6 Ислам: ЭС, 1991.
  2. 1 2 Большаков, О. Г. История Халифата, т.1: Ислам в Аравии. — Москва: "Восточная литература" РАН, 2000.
  3. А. А. Али-заде. Хроники мусульманских государств I-VII вв. хиджры. — 2003. — 539 с.
  4. 1 2 3 4 5 6 7 8 Али-заде А., 2004.